Skip to content

Посвящается Юнусу Магомадову

Popularity · Low

YouTube

Searching YouTube...

Lyrics

Дийна волуш вицвича, хӀун дийр ду аша со велча? Накъостий баьхна вайн, хало тӀекхаьчча — лар яй Дахаро кховдийна къаьхьалла екъа лиъча Накъостех хӀун до вай, де доьхча уллехь ца хилча ХӀумма а дац, хӀумма а дац Дуьненан терза ду говза! Букъ тоьхнарг юхаверзо Цкъа мацца а кхочу тӀе доза! Дийна волуш вицвича, хӀун дийр дац аша со велча? Дика ду-кх шу доцург, суна волуш Дела и Элча Нана, хьо цхьаъ бен яц, сан деган ойланах кхеташ КъинтӀера хьо ца ялахь, дац боху суна и вижа каш Мел генахь хиларх со, доӀанехь Деле цкъа воьхуш ГӀийла хан яьккхи ахь, неӀаре вогӀий со хьоьжуш ВогӀур ву Кхочур ву Бисина накъостий балош Эсала хьоьжур ву Хьан нана, кийрара дог Ӏабош Мерза дош эра ду, и бала кийрара кхачо Нана, со хьан кӀант ву, бусулба умматан нохчо! Маржа-яӀ, Даймохк хьо! Ма ганза дацара вай вуон! Эскаро буьллуш гора, хаабелла богӀуш а тӀемалой ТӀехьийзош шийла луо, вайн Деле дийхина долу гӀо Вайна ма сиха дицло, вай вовшийн дина хилла долу гӀо! ХӀумма а дац, хӀумма а дац Нийсонан тептар ду говза! Вицвелларг дика кхето, цкъа мацца а кхочу тӀе йоза Яздинчух вера вац Адамаша иштта ма олу Вайн карахь хӀумма а дац Дала вай вуочух лардойла! ВогӀур ву Кхочур ву Бисина накъостий балош Эсала хьоьжур ву Хьан нана, кийрара дог Ӏабош Мерза дош эра ду, и бала кийрара кхачо Нана, со хьан кӀант ву, бусулба умматан нохчо!